ТIекхочийла долу линкаш

Мурсина хIуьттаренна маьждигаш дагийна



Мисарарчу пачхьалкхан телевизионо хаам бо, Ιедална резабоцчу гуламхоша махкарчу кхаа меттехь «Бусулба вежарий» партехьа болчу нехан маьждигаш дагийна бохуш. И нисделла оцу партин векала, мехкан президента Мурси Мохьаммада шен кара шуьйрра бакъонаш схьаоьцуш сацам арабаьккхича, цуьнан агΙончаш а, дуьхьалончаш а вовшашна оьгΙазбахана хьийзачу юкъанна. Суэц, Исмайлия, Порт-СаΙид гΙаланашкахь дагийна и маьждигаш. Вовшахлетта агΙонаш Александрияхь а.

Еарий дийнахь президента Мурсис, Ιедал дуьззина шен куьйга дерзош, дΙахедийна цхьана декъанна пачхьалкхан кхелийн бакъонаш.
XS
SM
MD
LG