ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробертан бюджет -1 триллион евро



Евробертан пачхьалкхийн векалша шайн Брюсселерчу кхеташонехь билгалъяьккхина ворхΙ шеран бюджет. Халачу къовсамашкахь къастаделла терахь ду 1 триллион евро.

Бюджет къасторан болх халачу хьоле кхачориг дара хΙора а пачхьалкхана, кризис а ца лоьруш, алсам ахча шайгахьа озон лаар а, чоьхьара харжаш яцъян реза ца хилар а. Дийцарийн тΙаьхье а ю хир йолуш. Цигахь билгалдаккха догΙу хΙора махкана кхочу ахчан дакъош.

Сацамаш кхеташонехь чекхбаха оьшу массеран а лаам, муьлххачу а сацамна тΙе вето йилла бакъо ю хΙора а пачхьалкхан.
XS
SM
MD
LG