ТIекхочийла долу линкаш

Мисархой оьгΙазбахана Мурсина



Деношкахь Мисаран президента Мурси Мухьаммада Ιедалан мукъ берриг а шен караберзош сацам арахецарна дуьхьал гΙаьттина нехан протест яьржина ерриг а пачхьалкхахула. Вовшахлетта президентан агΙончаш а, дуьхьалончаш а дуккхаъчу гΙаланашкахь. «Бусулба Вежарий» партех волу Мурси бехке во гуламаша цо махкахь шен диктатура яржош хиларна.

Еарий дийнахь арабаьлла президентан сацам оьшуш бара мисархоша стохка цΙий а Ιанош бинчу карчаман жамΙаш карара ца хецархьама, чΙагΙдо Мурсис а, цуьнан гоно а.

Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацис а шаьш гΙайгΙане даьхнийла Мурсин сацамо хоуьйтуш дΙахьедар дина. Мурсин сацамо боьхку бахархошна мехкан куьйгалхочун политикан гΙулчаш кхеле йохку некъаш.
XS
SM
MD
LG