ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу чергазийн агΙо лоцуш



Москох шоьтан дийнахь массех цхьалха пикетан барамаш дΙабаьхьна Шемарчу чергазашкахьа, уьш Оьрсийчоьнан Ιедале тΙеман кхерама кΙелхьара бахар доьхучу Москохарчу а, Кавказерчу а жигархоша. Оьрсийчоьнан президентан администрацин гΙишлоннна а, чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллан цΙенна а гонаха хΙиттира и барамаш.

Царех тера пикеташ дΙаяхьа гΙоьртинарш полицино ницкъаша дΙасалаьхкина Нальчикехь. Пикеташ хΙиттийра чергазаша Майкопехь а, дозанал арахьарчу дуккхаъчу мехкашкахь а.
XS
SM
MD
LG