ТIекхочийла долу линкаш

Климатана хьажийна цхьаьнакхетар доладелла Катарехь



Кху дуьнентIехь климат хийцаяларца доьзначу хаттаршна хьажийна долу дийцарш дуьйладелла Кхатарехь. Цигахь дакъалоцуш бу 200 гергга пачхьалкхан векалш. Шина кIирнах яхлур йолуш ю и форум. Кху шарахь хан чекхйолучу хIаваана зене йолу газаш атмосфере хецарх лаьцна долу Киотан-протоколан метта керла документ кечъдан дагахь бу цу дийцарийн декъашхой.

Кхин цхьа Iалашо а ю цу цхьаьнакхетаран – климат хийцаялар хьокъехь йолчу проблемехула дуьненаюкъара барт бар. Iилманчашна хетарехь, газаш хIаваэ хецар бахьана долуш хуьлуш ду дуьне глобалан кепара дохдалар. Ткъа и бахьана долуш хуьлуш бу дуккха а Iаламан бохамаш.
XS
SM
MD
LG