ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молханаш дохкар сацийна Пакистанехь


13 стаг велла Пакистанехь, Лахор олучу гIалахь, йовхарийн молха меллачул тIаьхьа. Цу молхана юкъахь карийна дIаьвше химикаташ. И бахьана долуш Оршот дийнахь ерриг а молханаш духку меттигаш дIакъевлина Пакистанехь.

Молханех дIовш а даьлла, белларш бу 15-тта шарера 45-а шаре кхаччалц болу нах. Пенджаб-провинцин Iедалша леррина комисси кхоьллина, хилларг къастор Iалашонца. Адамаш делларш ю Лахорана гонах йолу къехой беха кIошташ.
XS
SM
MD
LG