ТIекхочийла долу линкаш

Оппозицин парти а, газет а дихкина Казахстанехь


"Алга!» цIе йолу регистраци йина йоцу политикан парти ехка сацам бина Казахстатан Iедалша. Цу партин куьйгалхочуьнан когаметто Сизов Александра дийцарехь, Iедалан сацаман текст кхаьчна цуьнга даханчу Шоьтан дийнахь.

Цул сов, Казахстанан Iедалша дIакъевлина «Взгляд» цIе йолу оппозицин газет. Цунах лаьцна Маршо Радионе хаам бина цу газетан коьртачу редакторан когаметто Шелкова Олесяс.

Даханчу кIиранах «Алга!» парти а, цхьамоггIа оппозицин зорбанан гIирсаш а экстремизм лелош хилар даре дар доьхуш, суьде дехар динера Алматын прокуроратуро.

ГIадужу-баттахь «Алга!» партин куьйгалхо Козлов Владимир чувоьллира, 7 шо ах шо хан а тоьхна. Цунна бехке диллинарг дара стохка Жанаозенехьтасадаларш хиларна декъах хилар. Цул сов, Козлов бехке вина Iедал карчо гIорторна а.
XS
SM
MD
LG