ТIекхочийла долу линкаш

Юха а набахтехь витина Рустамов Махьмуд


2013-чу шеран Зазадоккху-беттан 7-чу дийне кхаччалц Рустамов Махьмуд лаьцна латто сацам бина Москох гIалин кхело. И стаг бехке веш ву «Новая газетехь» болх беш хилла журналист Политковская Анна ерна.

Талламхошна хетарехь, иза къайла вала а мега, тешашна а, эшам хиллачарна а Iаткъам бан г1орта а мега иза. 2013-чу шеран Зазадоккху-беттан 7-чу дийнахь дIаберзор болуш бу Политковская ерах лаьцна болу таллам. Цул тIаьхьа и гIуллакх дIалур ду кхеле.
XS
SM
MD
LG