ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бозбунчалла а лелийна, 900 миллион доллар лачкъийна Кабулерчу банкера


Кабулерчу банкехь бозбунчаллаш лелор толлуш йолчу комиссин декъашхоша дIахьедар дина, цигара 900 миллион доллар лачкъийна хиларан схема гучуяьлла шайна аьлла. Таллам бича гучудаьлларг ду цуьнах цхьадолу ахча кеманаш тIехь некъахошна кхача латточу контейнершкахь махкал арадаьккхина хилар.

Комиссино кечдинчу рапорта тIехь дуьйцуш ду, Кабулерчу банкан белхахоша шалха бухгалтери лелош хилла аьлла. Цу комиссина юкъахь бу ОвхIанистанера а, махкал арахьара а аудиторш. Жимма хьалха цу тайппа дIахьедар динера Iамеркерчу комиссин деъкашхоша а.
XS
SM
MD
LG