ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинин статус хийцина дуьненаюкъаралло


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлан Ассамблейно Еарин дийнахь резолюци тIеэцна, Палестина тергамхочуьнан статус йолу пачхьалкх хилар къобулдеш. Цул хьалха цу организацин официалан документашна тIехь иза хьехош яра "субъект-тергамхо" аьлла.

Палестинин статус айарехьа кхаж тесна 138 пачхьалкхо. Дуьхьал хилла 9 пачхьалкх, шайна юкъахь Iамерка а, Израил а, Канада а йолуш. Йисина 40 гергга пачхьалкх шайна хетарг ца хоуьйтуш сецна.
XS
SM
MD
LG