ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь маслаIат лохуш дийцарш долийна Исламабадехь


ОвхIанистанехь къоман маслаIат дан некъаш лахар Iалашонца Исламабадехь дийцарш дIадолийна ОвхIанан а, Пакистанан а арахьарчу гIуллакхийн министрша Рассул Залмайс а, Хар Раббанис а. Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министралло официала кепара хаам бина шаьш йицаре еш ерш машарбаран а, регионехь кхерамазалла латторан а проблемаш ю аьлла.

Амма кхин билггала дуьйцуш хIума дац. Зорбанан гIирсаша дийцарехь, ОвхIанистанан министро дехар дан мегаш ду Пакистанан Iедалшка, цу махкахь чубоьхкина болу тIалибийн тIеман хьалханчаш дIахецахьара аьлла. Ши къира хьалха Пакистанан Iедалша маьршаваьккхира шаьш чувоьллина волу 9 тIалибийн тIемало.
XS
SM
MD
LG