ТIекхочийла долу линкаш

Копейскехь тутмакхаш хIийзош хилар бакъдина Оьрсийчоьнан омбудсмено


Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векал волчу Лукин Владимира дIахьедар дина, Челябинск-кIоштахь, Копейскерчу колонехь латточу тутмакхаш беш болу латкъамаш бух болуш бу аьлла. ПIераскан дийнахь Интерфаксан офисехь хиллачу зорбанан конференцехь цо ша сатесна ву элира, талламхоша хилларг кхоччуш толлур ду аьлла.

Талламан комитетан белхахоша 40 сов латкъам схьаэцна цу колонехь латточу нахера. Цара чIагIдарехь, колонин белхахоша ахчанаш дохуш хилла цаьргара, цхьацца бахьанаш а лелош. Лахьан-беттан 24-чу а, 25-чу 26-чу а деношкахь колонехь чубоьхкинчу наха дуьхьалонан акци дIаяьхьира, шайна тIехь ницкъа бар а, шаьш хьийзадар а бахьана долуш.

Царна тIехIиттинера цу колонин кевне баьхкина болу 300 сов церан гергаранаш. Цу нахана къиза йиттина ОМОН-ан белхахоша.
XS
SM
MD
LG