ТIекхочийла долу линкаш

Ши нохчо лазийна Цхинвалехь


Герзаш а тоьхна, Нохчийчура шина вахархочунна чевнаш йина Къилба ХIирийчохь. И бахьана долуш таллам дIаболийна меттигерчу низамашлардечу органаша. И инцидент хилла кху беттан 28-чу дийнахь. Цхинвале балха баьхкинчу нахана юкъахь дов а иккхина, уьш вовшех летта.

И бахьана долуш когех герз диттина дарбанан цIийне охьавиллина Нохчийчура 22 шо долу Бердукаев Iадлан а, 33 шо долу Мунаев Рустам а.

И хилам хиллачехь масатоьпан патармийн чIоьргаш карийна талламхошна. Герз тоьхнарш муьлаш бу хууш ду.
XS
SM
MD
LG