ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг вийна Дагесанехь


Мел лаххара а 2 стаг вийна Дагестанехь, ХIинжа-гIалан йистехь, леррина операци дIахьош. Иза хилла Семендер олучу поселкехь. Полицин ницкъаш гоне лаьцна хилла цигахь цхьа цIа, цу чохь зуламхой бу аьлла, шайга хаам кхачначул тIаьхьа.

Цу наха байина хилла низмашлардечу органийн белхахой бохуш, дуьйцу меттигерчу Iедалан векалша. Цара чIагIдарехь, кара дуьйла аьлча, цу наха дуьхьало йина. Цул тIаьхьа герзаш диттина царна полицин ницкъаша.
XS
SM
MD
LG