ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бер а карахь жима зуда лаьцна латторна жоьпе озийна гIалгIайн полисхой


Масийтта полицин белхахо жоьпе озийна Оьрсийчоьнан Талламан комитето ГIалгIайчохь. Царна бехке дуьллуш ду, цхьа а хIоттош кехат а доцуш, карахь 5 бутт кхаьчна бер долу жима зуда лаьцна латтор. Полисхоша иза лаьцна хилла цо теракт хилла аьлла, харц хаам бина аьлла шеко йолуш.

"Кавказский узел" интернет-агентталло бинчу хаамца, Лахьан-беттан 14-чу дийнахь, жимчу бераца дIа а йигина, 22 сохьтехь латтийна цара иза талламан изолятор чохь.
И зулам дарна полицин белхахой чубохка мегаш бу, 4-а шаре кхаччалц хенаш а тоьхна.
XS
SM
MD
LG