ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн доцчу лаьттанаш доладахарна бехке бо жуьгтий



Ингалсенан, Францин, Швецин векалша шайн резадацар дΙакхайкхийна Израиле иза Иордан-хин малхбалерчу атагΙехь 3000 керла цΙа дан лерина хиларна. Парижера а, Стокгольмера а, Лондонера а жуьгтийн дипломаташ тΙе а кхайкхийна дина пачхьалкхаша и дΙахьедар.

Кхаа мехкан арахьарчу гΙуллакхийн министрша Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин куьйгалхочуьнга Ги Мун Пане кехат дахьийтина, палестинахошкара дΙаяьхна латточу меттигаш тΙехь Израило гΙишлош яр тΙом кхайкхор санна зулам ду, аьлла.

ПΙераскан дийнахь Палестина Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацино шен белхан тергамхо еш сацам тΙеэцарцана яьккхина жуьгташа шаьш хΙинца дΙакхайкхина гΙулч. Иштта цо хаам бира, ша Палестинина шен бюджетера кхочу 100 миллион ахча а дΙахададо, аьлла.
XS
SM
MD
LG