ТIекхочийла долу линкаш

Косово реза яц дуьненаюкъарчу трибунална



Косовон Ιедало бехкево Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацехь тΙеман зуламаш толлуш прокурор Ιийна волу дель Понте Карлос, иза шен бакъонашкахь совваьлла ша болх бечу заманахь, бохуш. И дΙахьедира Маршо Роадиога оршот дийнахь Косовон арахьарчу гΙуллакхийн министра Ходжа Энвера. Косовон резадацар дозу дель Понто Карлоса ша болх бечу юкъанна Сербица тΙом боьдучу заманчохь тΙеман зуламаш дарна Косовохь премьер-министр Ιийна Харадинай Рамуш жоьпалле озийна хиларца.

13 шо хьалха Косоворчу гΙаттамхойн баьчча хилла волу Харадинай шозлагΙа бехказа ваьккхина дахначу къиранах дуьненанюкъарчу трибунало.
XS
SM
MD
LG