ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Демаьшка яккха гΙерта гΙаттамхой



Шемин коьрта гΙалин йистошца тΙом бу боьдуш, хаам бо хьостанаша. Британехь куп тоьхначу Шемин бакъонашларъярхоша дийцарехь Демаьшкан Бейт-СахΙам, Акраба, Ялда олучу йистошкахь а, аэропортана герга а лаьтта тΙематасадаларш. Оццу хьостано бахарехь, гΙаттамхой ма-хуьлла Демашкин юкъ дΙалаца гΙерташ лета Ιедалан эскаршца.

ТΙаьххьарчу кΙиранашкахь, бакъоларъярхоша тоьшалла дарехь, гΙаттамхойн караяхана маситта тΙеман база. ТΙом лаьттачу 20 бетта чохь, тергамхоша бахарехь, Шемарчу гΙаттамехь велла лаххара а 40 эзар стаг.
XS
SM
MD
LG