ТIекхочийла долу линкаш

Конституцин проекто эгIийна мисархой



Шорбелла Мисарахь президента Мурси Мохьаммада, махкахошкара дΙа а яьхна, конституцин бакъонаш шен караэцарца доьзна лаьтта гуламаш. Кхаарий дийнахь КъахΙирерчу президентан цΙенна гонах а алсам бара Мурси духьаллаьттарш а, цуьнгахьа болу «Бусулба Вежарий» олучу боламера нах а. Хьалхарчу дийнахь КъахΙирерчу оппозицин гуламо тΙедожийра Мурсина шен сацамаш юхаэцар а, махкахь йийцаре ен конституцин проект хийцар а.

Конституци къастош референдум дΙахьор ю Мисарахь итт де даьлча. Брюсселехь кхаарий дийнахь пресс-конференци луш Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн секретара Клинтон Хилларис дΙахьедира, Шемахь конституци къасторан болх, агΙонаш а лоруш, церан диалогашкхула бан беза, аьлла.
XS
SM
MD
LG