ТIекхочийла долу линкаш

Нахана вевзачу шина стагна кΙело йина Нальчикехь



Нальчик-шахьарахь тΙаьхьий-хьалхий ши зулам дина бевзаш боцчара. Кхаарийн буса ГΙебарта-Балкхаройчоьнан мехкан телехьожийлехь шен эфир а ерзийна, цΙавоьдуш шимма маса топ йиттина вийна журналист Геккиев Казбек. Веле цуьнга хаьттина, полицино хаам барехь, хьо вуй и телевизионехь керланаш довзуьйтуш верг, аьлла. Еарий Ιуьйранна оццу Нальчикехь шен цΙера балха ваха араволуш машена буха йиллина бомба а иккхина лазийна ГΙебарта-Балкхарочоьнан транспортан а, некъийн а министран гΙовс Дядченко Владислав.

XS
SM
MD
LG