ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Магнитскийн тептарна» дуьхьал



Оьрсийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс дΙахьедина, адамийн бакъонаш талхочу Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу хьакамашна шаьш лур яц Оьрсийчу бахка визанаш, аьлла.

Лавровн къамел хенаца догΙу Вашингтонехь Сенато «Магнитскийн» аьлла цΙе тиллинчу тептар тΙе Оьрсийчохь коррупци лелаен а, адамийн бакъонаш талхош болу а нах билгал а бохуш, царна Ιаьмеркан боьду некъ а, цигахь банкашка ахча дилла а дехкарца.

«Магнитскийн тептар» тΙеэрца цхьаьна, Ιаьмерко магийна шайн махкахошна Оьрсийчоьнца йохк-эцарш лело - хΙинццалц дихкина дара иза. Москох реза яц ша адамашна тΙехь демократехь а, низамехь а йоцу гΙело бахархошна тΙехь латтайо бохучух. Лавровс бахарехь, цо Штатийн пачхьалкхан секретарна Клинтон Хилларина а хаийтина еарий дийнахь Дублинерчу цхьаьнакхетарехь «Магнитский тептарна» Кремло шен санкцеш духьалйохур юйла.
XS
SM
MD
LG