ТIекхочийла долу линкаш

«Маьрша пачхьалкхашна тΙекхийда Оьрсийчоь»



Цхьаьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Клинтон Хиларис Евразин пачхьалкхаш цхьаьна йозарехьа Оьрсийчоьно бен некъ Советаш юхакхолла гΙертар ду, цунна шен пачхьалкх дуьхьал ю, аьлла дΙахьедира Дублинехь еарий дийнахь. Советан Ιедалерчу кепийн масал далош, цо хьахийра Оьрсийчоьной, Белоруссиной, Казахстаной вовшийн сурсаташ дΙасалела аьтто беш бина барт.

Иштта цо емал дира Советан пачхьалкх йоьхча, шайн пачхьалкхаш кхоллинчу цхьамогΙа мехкашкахь Ιедалша шайна ца тов нехан кхетам, ойланаш ницкъаша хьоьшуш хилар.
XS
SM
MD
LG