ТIекхочийла долу линкаш

«ЮьхьΙаьржонна герга ю Мисара»



Вовшашца тΙом бечу хьелашка кхаьчначу мисархошна хьалха дΙахьедарш до пачхьалкхан дайша а, эскарийн куьйгалхоша а. Конституцин проектна гонаха иккхина дар-дацарш машаре ца дерзадахь, мохк юьхьΙаьржахΙуттуш бу, бохуш дуьйцу цара.

Бахначу беттан 22-чохь президента Мурси Мохьаммада Ιедалан мукъ шен карахь а чΙагΙбеш, халкъан конституцин бакъонаш дΙахедош сацам тΙеэцаро гΙаттийна Мисарахь баларшка а йирзина йолу таханлера протест.

Нийсса кΙира даьлча референдум хир ю пачхьалкхехь конмтитуцин проект тΙечΙагΙъеш.
XS
SM
MD
LG