ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу гΙаттамхошна зе хилла



Демаьшкан йистошкахь тΙемаш бечу гΙаттамхошна алссам дараш дина Ιедалан ницкъаша. Лондонехь куп тоьхначу Шемарчу бакъоларъярхойн юкъаралло хаам барца, бомбанаш , ракеташ йиттина оппозицин Дарайа, МаΙазамийет ал-Шам кΙошташкарчу позицешна тΙе.

Дахначу кΙиранах, гΙаттамхоша тΙебоьлху некъаш хедор бахьана долуш, шен болх ханна сацийнера Демаьшкарчу аэропорто.

42 эзар стаг вийна президентан Асад Башаран эскаршний, оппозициний юкъахь тΙемаш лаьттачу 20 бетта чохь.
XS
SM
MD
LG