ТIекхочийла долу линкаш

Тахана Дуьненаюкъара адамийн бакъонийн де ду


Дуьненаюкъара адамийн бакъонийн де ду тахана даздеш. И де, адамашна шайн коьрта бакъонаш Iамон лерина ду, къаьсттина берашна а, кхиазхошна а.

1950-чу шарахь дуьххьара билгалдаккха долийна ду хIара Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин организацин Инарла Ассамблейно кховдийначу ойланца. Цул а хьалхьа 1948-чу шарахь тIеэцнера адамийн бакъонийн Юкъара деклараци.

Цунна юкъадойогIуш яра цхьа моггIа политикан а, махкахойн, социалан, културан, экономикин а бакъонаш. И деклараци тIеэцна ши шо кхочуш сацам бира цу дийнахь адамийн бакъонийн Дуьненаюкъара де билгалдаккха.

Низамаш санна, цуьнан тIедилларан амал яцахь а, цо аьтто бина адамийн бакъонаш ларъян Iалашонца 60 гIирс юкъабаккха. Цу гIуллакхо, шен агIора, дуьненаюкъара стандарт кхоьллина адамийн бакъонашкахь.
XS
SM
MD
LG