ТIекхочийла долу линкаш

2012 шеран Нобелан машаран совгIат схьаоьцуш бу Европан бертан куьйгалхой


Оршот дийнахь Норвегин коьртачу Осло-гIалахь дIахьучу церемонехь Нобелан комитетан гIантдас Ягланд Торбьорна Европан куьйгалхошка кховдор ду $1.2 миллион доллар барамехь совгIат. Европан ткъеха лидер хир волуш ву боху цу церемонехь дакъа лоцуш. Царна юкъахь немцойн канцлер Меркел Ангела а, Францин президент Олланд Франсуа а волуш.

Баханчу ГIадужу баттахь кхушарлера машаран совгIат Европан Бартана догIу аьлла кхайихкийра Норвегерчу Нобелан комитето «кхузткъа шарахь Европехь машар а, барт а, демократи а, адамийн бакъонаш а латторна».
Нобелан комитетан и сацам башха тIеэцна дуккха а пачхьалкхашкарчу юкъаралло.

СовгIат кховдадале Ослохь вовшахтоьхначу акце гулбеллачу наха бахарехь, «Европано герз духку, цуьнга 1990-чу шерашкахь Балканашкахь цIий Iенор саца ца делла, карарчу хенахь Европан дозанехь хаза нехан санна чолхе экономикан кризис а ю».
XS
SM
MD
LG