ТIекхочийла долу линкаш

Мехала яц адамийн бакъонаш Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Нохчийн наной бу шайн тIепаза байина кIентий схьабоьхуш, Соьлж-гIала, 30Заза2010

Нохчийчоь -- Нохчийн наной бу шайн тIепаза байина кIентий схьабоьхуш, Соьлж-гIала, 30Заза2010

Адамийн бакъонийн дуьненаюкъара де билгал ца даьккхира тахана Нохчийчохь. Меттигерчу бакъонашларъярхошна кхин хIума ца дисина, адамийн хьолах лаьцна дийцар бен. Ткъа дийца алссам ду.

Нохчийчохь дукха дика хаьа адамийн бакъонийн хама. Тахана нах уьш шай ларъян майра хIуттуш бацахь а, наггахь бен адам хир дац махкахь, оцу баланах кIелхьардаьлла. Тахана Нохчийчохь, оцу тIегIан тIехь болх бечу наханий бен, дага догIуш дац, хIара де, адамийн бакъонаш ларъяран дуьненаюккъера де хилар.

Шайн иза дицдан йиш яц, тахана, махкахь шорта болх бу оцу тIегIан тIехь бан безаш аьлла хета, «Ненан орца» цIе йолчу бакъонашларъяран цхьанатохараллин куьйгалхочунна Межидова Зайнапана. Маршо радиога оцу хьокъехь йистхуьлуш, цо билгалдаьккхира, Нохчийчохь бакъонаш йохйина а, хIинца а йохош а, дуккха а нах бу аьлла.

Межидова Зайнап: «Нохчийчохь, бераш дайна нанойн яц цхьана а тайпана бакъо. ХIокху 15-16 шарахь, кийрахь ша а болуш, догуш дог а долуш лелаш бу-кх наной. Бакъонаш мичахь ю? "16 шо хьалха вайна волу кIант цIа валийна, нах лебеш ю" аьлла суна цIе кхолла гIоьртира вай парламентан куьйгалхо Дукхваха Баштаевич.

И бераш лаха а ца олу цьунга, "деллахь Рамзан, вай тоъал кога а дахнера, хIинца мукъна и байна болу кIентий цIа берзийча хIун дара теша", аьлла. Шай цIераш а ца хууш, лоьмарш тIехь дIаловкъийна кегий нах ма бу вай, белла дIабовлалца чу боьхкина. 10 меттиг хаа суна.Цига дIаяха таро а, накъост а вац сан».

Маршо радио: Нохчийчохь дуккха а бу адамийн бакъонашларъярхой. Цхьаберш, Iедалш тховкIело йина бу, кхиберш и тховкIело йолуш, амма, иза хилар даре ца деш бу, ткъа, Межидова Зайнап санна берш, боккъулийна бозуш боцурш бу, шаьш мел лелош дерг, даго а адамаллийн декхаро тIедожийна хIума а хеташ. Журналист-бакъонашларъярхочуьтнна Саратова Хедина, нийса ца хета, адамийн бакъонашца долу гIуллакх, цхьана Нохчийчохь долчу хьолаца дустар. Иза ерриге а пачхьалкхехь йолу чолхалла ю, элира цо.

Саратова Хеда: «Цара динарг бен вай кху чохь хуьлуш ма даций. Нохчийчохь бакъонашларъечу нехан хьал тайпа-тайпана ду. Шина декъе бекъабелла уьш. Цхьаберш Iедална муьтIахь болуш бу, кхинберш, боккъалла нахана тIехь латтош йолу харцо юьйцуш бу. Дукхахберш, кхин нислуш хIума а дац бохуш, каръелла цхьанатуохаралш а ю. Дала мукълахь, тхо цу тобанехь ду аьлла ца хета суна. Тахана дуккха а халох ду, адамийн бакъонаш ларъян, хьалхачулла. Кхузачру Iедалшкара ду аьлла ца хета суна, Москохара дуьйна, Путинс лелош политик а, харцо а ю иза».

Маршо радио: Тахана, шай тайпа билгалдаьккхина Соьлжа-гIалахь, адамийн бакъонашца доьзна долу дуьненаюкъара де а. Тахана цигахь, Iедалан бакъонашларъярхошца, цхьана бертан кIелахь куьг таIийна. Дийнна дийнахь, цу тIехь болх беш бара уьш. Гарехь, чIогIа мехалла документ арадаккха мега цара кхана.
XS
SM
MD
LG