ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанехь йийна зуда-хьаким а, полицин куьйгалхо а


ОвхIан мехкан малхбалехь йийна Лагман провинцин зударийн гIуллакхийн департаментан куьйгалхо Надиа Сидикъи. Пакистанан Iедалаш бечу хаамца, балха йоьдучу хенахь, Мехтарлам гIалахь йийна Сидикъи. ХIокху шеран Товбецан баттахь, машенах йоьллина бомба иккхича еллачу Ханифа Сафин метта яхана яра иза.
Цкъачунна цхьаммо шена тIе ца лаьцна Сидикъи ер.

Оццу хенахь, ОвхIан мехкан малхбузехь динчу эккхийтарехь велла Нимроз провинцин полицин хьаьким Муса Расули. Меттигерчу полицино дийцарехь, Герат провинцера балха воьдучу новкъахь оьккху молха а иккхина. ТIалибийн векало Ассошиэйтед Прессе хаам бина, тIемалоша Расули лар а вина, вийна аьлла. Цо билгалдаьккхира, цара Iедалан белхахошна кхин дIа а тIелатарш дийриг хилар.
XS
SM
MD
LG