ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисар: Президента Мурсис эскарна шортта бакъонаш елла


ХIокху беттан 15-чу дийнахь керлачу Конституцехула референдум дIаяхьале пачхьалкхан хьукхматаш ларъяр эскарна тIедиллина Мисар пачхьалкхан президенто Мурси Мохьамеда.
Шинарин дийнахь референдум дIаяьхьарна дуьхьала акцешка кхойкхуш ю Мисарера оппозици. Юкъараллин массо а тIегIанийн хьашташна жоп луш ца хета царна Конституцин керла проект.

Шоьтан дийнахь Мурсис юхадаьккхира, пачхьалкхан куьйгалхочуьн архаш шордеш, ша Лахьанан беттан 22-чу дийнахь куьг таIийна долу омар. И омар бахьанехь политикан кризис иккхира цу махкахь.
XS
SM
MD
LG