ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерриг дуьненахь чувоьллина латтош ву 232 журналист


ХIокху дуьнентIера чубоьхкинчу журналистийн терахь цкъа а ца хиллачу кепара лакхара ду аьлла дIахьедар дина, Нью-Йоркехь туп тоьхначу журналисташ ларбаран Комитето. Таханлерчу дийнахь лаьцна латтош 232 журналист ву.

Тахана хааме даьккхинчу рапорто чIагIдарехь, тIаьхьарчу цхьана чувоьллина 50 сов журналист.
ХIокху кепара рапорташ 1990чу шарахь дуьйна кечдеш ду шеран коьртехь цкъа.

Цу Комитетан хьесапехь уггар дукх лаьцна журналситаш Туркойчохь бу – 49. ГIажарийчура набахтешкахь 45 ву. Китайхь 32, царах дукхах берш уйгураш, тибетхой бу. Азербайджанехь чувоьллина латтош ву 9 журналист.
Рапортан хьесапехь, дукха хьолахь журналисташ бехке бо терроризм лелорехь, пачхьалкхан тешнабехк барехь.
XS
SM
MD
LG