ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарехь юха а шуьйра митингаш хир ю Мурсин дуьхьалончийн а, агIончийн а


Мисарехь тахана юха а шуьйра митингаш хир ю пачхьалкхан президентан Мурси Мохьамедана дуьхьалончийн а, цуьнан агIончийн а. ХIинцале хиллачу тасадаларшкахь 9 стагана чевнаш йина КъахIирехь нах гуллучу меттигехь.

Мисарерчу дуьненан политикан ницкъаш, Мурсин оппозицехь берш, керлачу Конституцин проектана хьокъехь хIокху беттан 15-чу дийнахь президенто дIаяхьа кечъечу референдумана дуьхьала бу. Цара чIагIдарехь, конституцин проект, Мурсина гIортор ечу исламисташний бен санехь яц.

ХьастагIа, керлачу Конституцехула референдум дIаяхьале пачхьалкхан хьукхматаш ларъяр эскарна тIедиллинена президенто Мурси Мохьаммеда. Эскархойн хIинца бакъо ю полицица цхьана маьрша нах лаца а, чубохка а.

Иштта, даханчу шоьтан дийнахь Мурсис юхадаьккхира, пачхьалкхан куьйгалхочуьн архаш шордеш, ша Лахьанан беттан 22-чу дийнахь куьг таIийна долу омар. Цул тIаьхьа, Мурсина дуьхьала хилла Мисаран Лаккхарчу кхелан суьдхой реза хилла референдумана тIехьовса.
XS
SM
MD
LG