ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Адамийн Бакъонийн Кхело Оьрсийчоь бехке йина харц кхел а йина, 24 шарана нохчо чуволларна


Ондда бина ницкъ ла а ца белла, боцу бехк тIе лацийтарна а, цул тIаьхьа 24 шарана Тангиев Тимур чуволларна а Оьрсийчоь бехке йина тахана Европан Адамийн Бакъонийн Кхело. «Правовая иницатива по России» а, цуьнан накъост йолчу Астрея организацино а бечу хаамца, цу жимчу стагах хьарчийнера нах байар а, тIеман тобанашкахь дакъа хилар а.

2003-чу шарахь Соьлж-гIалахь ша вехачу вехачу хIусмаера дIавигина вара Тимур, Оханан беттан 11-чу дийнахь. Старопромыслан кIоштарчу Чоьхьарчу ГIуллакхийн декъехь шина баттахь хаддаза ницкъ бина цунна тIехь – ток етташ, цунна тIехь сигаьркаш йойуш, къиза етташ - боцу бехк тIе а лаций, кехаташна кIел куьг таIаде бохуш. Ницкъ кхин ла ца белча, Тангиевс куьг таIийна ша бехке вечу кехаташна кIел.

Оцу бух тIехь 24 шарана набахте хьажийнера иза оьрсийн кхелахоша, цо суьдехь, шегара мукIарлонаш къизачу ницкъаца даьхна бохуш лаьтташехь. Оьрсийчура уггар лакхарчу кхеле кхаччалц Тангиевн адвокаташ бина латкъамаш юхатоьхнера.
Иза ша дерриг а юьхьарлаьцна, Европан Кхело сацам бина, латкъам бина Тангиевна динарг иза «сийсазвина, охьатаIийна, зуламаш дарехь къера хилийта дина дара» аьлла.

Цуьнан синна динчу зена Оьрсийчоь декхар йина 45 эзар евро гIуда такха.
«Тангиев Оьрсийчоьнна дуьхьала» боху гIуллакх, боцу бехк тIелацийтарна бух тIехь набахтехь латточу нохчочуьн дуьххьарлера гIуллакх ду.

ХIинца хIокху Кхелан сацамна тIе а тевжина, шен гIуллакх юхаталлийта Iалашо йолуш ву Тангиев, боху «Правовая иницатива по России» а, цуьнан накъост йолчу Астрея организацино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG