ТIекхочийла долу линкаш

Федералан Гуламе шеран коьртан дIахьедар дина оьрсийн президента Путин Владимира


Иза шолгIа а президент хIоьттича цуьнан хьалхара дIахьедар ду хIара.

Оьрсийн пачхьалкхан ДУМе болу харжамаш кхин цкъа а партийн цIейозанийн а, цхьа мандат долчу гонийн а харжаманийн кепе юхадерзар гIоли хета шена элира Путина.

Цо билгалдаьккхира, арахьара ахчанаш мел кхочуш верг, политикан процессашна юкъа дIаваккха везаш хилар. «Оьрсийн демократи шен гIиллакхашна тIетовжа еза, арахьара коча юхкуш стандарташ кхочушъян а ца гIерташ» - элира Путина.

Кхин дIа вистхуьлуш, цо Сибрехна а, Генарчу Малхбаленна а тIе тидам бахийтира и ши меттиг 21-чу бIешерахь кхион еза аьлла. Азин-Тийначу хIурдан кIоштехь

Оьрсийчоьне йоккха меттиг дIалацийтар ю пачхьалкхан Iалашо, аьлла.
Цул сов, чоьхьара а, арахьара а миграцин процесс дикка тIехьожуш хила еза элира Путина. Оьрсийн президенто бахарехь, 2015 шарал тIаьхьа арахьарчу нахана дехка деза арахьа лела паспорташ доцуш, шайн чоьхьарчаьрца Оьрсийчу бахкар.

Демографин хаттар а хьахийра Путина, кхо бер долу доьзал Оьрсийчоьнан норма хила еза, аьлла.
XS
SM
MD
LG