ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь а сагаттадойту хIокху баттахь дуьне доха мега бохучу къамелаша


Нохчийчура коьрта маьждиг, 14Оха2012

Нохчийчура коьрта маьждиг, 14Оха2012

Карарчу беттан 21-чу дийнахь дуьне духур ду бохучу къамелаша Нохчийчура гIаьххьачул бахархойн дакъа кхерийна. Цу хьокъехь вистхила дезна ур-атталла, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а. Нах тешний хаац, амма алссам юург а, латон сирник-чIурамаш оьцуш, кечамаш бина цхьаболчара. Дийцарехь, молланех а дагабуьйла, хIун хила доллу, бохуш.


Шуьйра синIаткъаман тIелатар санна, зе хуьлуш лаьтта, Нохчийчохь,гIурабеттан 21 дийнахь дуьне духур ду бохуш долчу эладиттах. Кхера Iемина болчу нохчаша и дуьне дуохар шайна тIера духур ду моьтту хир ду. Кхечу агIора туьдийла дац, юккъараллехь, оцу бух боцучу къамелаш, цхьаболу нах кхерор. Базаршкахь, сирникаш а, латош болу чIурамаш а, аьчган гIуттакхаш чохь йолу яа хIума а, жигара дIаоьцуш ю наха. Цуьнах лаьцна дийцира Маршо радиога, Чечанара вахархочо Аюба.

Аюб: «Нах кхерабелла бу. Керста нах кхерабаларх кхетар дар, амма, бусулба а, нохчий а бу бохуш болу нах бу вайна юккъахь, оцу дийнахь цхьаъ хира ду аьлла бохуш. Базаршкахь, кога а, тIедоха а хIума а ца оьцуш, лела нах вай гIалахь. Молланашка телефонаш а ю боху етташ, оцу дийнахь хIун дан деза, берашна хIун дан деза, яа хIума эций ша, бохуш хеттарш деш. ТIаьххьара зама ю аьлла,Iехабелла нах. Керстан наха дуьйцург схьалоцу бусулба наха. Со тешаш вац цуьнах. Делан карахь ду ша дерг».

Маршо радио: Дуьне духура ду боху эладиттанаш мехка куьйгалхочуьнна Кадыров Рамзана лере а кхачийна. Оцу хьокъехь цо, меттигерачу телеканалехь емал бира и эладиттанаш даржош берш а, цаьрга ладугIуш берш а. Цул тIаьхь, нехан дегнашка синтем беан аьлла хета Аюбан.

Аюб: « Нах сингаттамехь болун дела, Рамзанас телехьожийлехь элира, шен дагчохь иман дерг цуьнах тешар вац аьлла. Цо тIе мугIур а тоьхна, нах паргIат боьвла цхьа жимма, цо аьллехь хира дац хьуна аьлла».

Маршо радио: Уггаре а чIогIа бухурш, даиманна санна зударий хуьлу. Шай-шай хIумма а эцна яц алахь а, къамелехь, гучудолу, галешкахь юучуьнца а, молучуьнца а, кечам бина буйла. Масла Мелижа цIе йолу, хIокху зудчо санна.

Мелижа: « Дуга а, шекар а, эцна охьайиллича гIоле-м ю. Зе ма дац. Дуьне дуохахь а, висинчуьнна яа дика ю-кх. Шекар а чай а охьадилла мегар ду-кх. Оха ца эцна, эцца, ши гали дамий, итт гали картоллий бен».

Маршо радио: Жимчу АтагIара Харон тешаш вац, оцу дийнахь дуьне духур ду бохучух. Ша, ян яа хIума а, ян чIурамаш а ца эцна боху цо, амма, тIедогIучу рузбанехь, молланаш цуьнах лаьцна хIума эра дац теш бохуш, мелла а саготта ву иза.

Харон: «Наха дийца-м дуьйцу иза,амма, дуоха хIинца а хьалхе ду моьтту суна. Иза дуохале восса везаш Iиса пайхмар а ву, кхиъ цхьацца хийцамаш а бу хила безаш. Кхана Iийча рузбане вахча цигахь хIун дуьйцу хуур ду-кх».

Маршо радио: Дийцаран-аларан бух а болуш муьлха а эладитта дукха сиха даьржа Нохчийчохь. Цхьан юкъана, нохчий лийлира, йод муьйлуш, цхьанахь зарратан дIовш дала мега аьлла, дийца дуолийча.

Цхьа ши-кхо шо хьалха, мохк бегор бу бохуш, дукхачу наха, арахь буьйсанаш яхнера, шай доьзалшцаний. Оцу хьелашкахь, ца бухуш берш бу, дуьнена хIума, шай дахарехь ца гулдинарш. Цхьа туьйра санна дуьйцу, нохчий дIабуохочу хенахь, цхьана оьвларчу мискачу стага, вела а къежна элира боху, тахана дIанисвели-кх со нахацаний, аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG