ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъаралло емалдина Къилбаседа Корейно космосе кхиаме ракета яхийтар


Пхеньяно бечу хаамца хенан хIоттаман сателлит орбитин тIе яьккхина, кхаарин дийнахь хецначу ракетано.

Цхьанатоьхначу Штаташа тIечIагIдина цхьа обкъет Дуьненан орбитин тIехь хилар. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретаро Бан Ки Муна бахарехь, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн резолюци йохоран къеггина билгало ю иза. Ишта, Къилба Корейно, Цхьанатоьхначу Штаташа, Японино а емалдина Пхеньяно ракета космосе яхийтар, иза, генарчу Iалашоне кхочучу ракетин технологи зер дихкина хиларе терра. Оьрсийчоьно а, Китайно а халахета шайна аьлла, Пхьеньяно и тайпа гIулч яккхарна.

Цхьаьнакхетаттачу Къаьмнийн организацин Кхерамазаллин Кхеташонехь рогIехь йоцу сесси цхьанатухуш бу дипломаташ сихонца.
Къилбаседа Корей бехке еш ю, ракеташ космосе йохуьйтучуха, заррат герзаш лелоран ракеташ кхиорна.
XS
SM
MD
LG