ТIекхочийла долу линкаш

Референдумехь «хIан-хIа» аларе кхойкху Мисарера оппозицино


Мисар пачхьалкхерчу оппозицино кхайкхам бина, массарна а товр йоцчу конституцин проектана лерина дIахьучу референдумехь «хIан-хIа» аларе. Мисарерчу Къам КIелхьардаккхаран Фронто тахана дIахьедар дина, шаьш бойкотт йийр ю, нагахь санна кхаж тасаран каппашкахь тоъал тIехьовсархой ца хилахь а, оьшшучул кхерамазалла ца хилахь а, аьлла. Иштта, цара дехар дина, алссам арахьара тIехьовсархой кхайкха, аьлла.

Карарчу беттан пхийтталгIачу, шоьтан дийнахь хир ю Мисарехь референдум. Оппозицино бахарехь, керла конституцино массарна а цхьатерра а ца ло, президента Мурси Мухьаммедан агIнчаша язъйина а ю иза.
XS
SM
MD
LG