ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна ерна бехке вечу Павлюченко Дмитрийна 12 шо дехна прокуратуро


Журналист Политковская Анна верна бехке вечу, милцо хиллачу Павлюченко Дмитрийна 12 шо хан ехна набахтехь яккха прокуратуро, Москох гIалин кхелехь тахана хиллачу кхелехь.

Павлюченковн гIуллакх къастор ша-тайпанчу рожехь хир ду. Цигахь лебийр бац тешаш, къастор дац яздина тоьшаллаш – хIунда аьлча, хьалхо кхело юхатоьхнера кхел хилале Павлюченковца бина барт бохо. Цунна тIехь латтаьш дара Политковская Аннин бераш.

Оцу кепара гIуллакх къастош хилчи, и тайпа зулам динчунна йогIучу уггар лакхарчу хенан кхоалгIа дакъий бен дац бехке вечунна тухур ерг.
XS
SM
MD
LG