ТIекхочийла долу линкаш

ХIаага: Боснерчу сербийн эскарехь талламан урхаллин хьаькам хиллачу Здравко Толимирана велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхийна


Хьалха хиллачу Югославехь дина тIеман зуламаш талла кхоьллинчу ХIаагерчу трибунало велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхайкхийна Боснерчу сербийн эскарехь талламан урхаллин хьаькам хиллачу Здравко Толимирана.

Даханчу кхаарин дийнахь ХIаагехь дIаяьхьначу кхелехь 64 шо долу Толимир бехке вира 1995-чу шарахь Сребреницехь 8 эзар бусулба борша стаг а, кIант а верехь дакъа хиларна.

Толимир уллера накъост хилла ву Боснерчу сербийн эскарийн буьйранча хиллачу инарлан Младич Раткон. Цунна тIехь кхел ян йолийна хIокху шеран Стигалкъекъачу баттахь. Младич а ву тIеман зуламаш дарна бехке веш.
XS
SM
MD
LG