ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маса зуда тоьа къонахчунна хIусамехь?


Нохчийчоь - Дуьненаюкъара Зударийн дезачу дийнахь ши жимастаг ву зезагаш хьуш, Соьлж-гIала, 07Заз2010
Нохчийчоь - Дуьненаюкъара Зударийн дезачу дийнахь ши жимастаг ву зезагаш хьуш, Соьлж-гIала, 07Заз2010

ХIун бахьана ду Нохчийчохь тIаьхьарчу хенахь бухарчу зудчунна тIе, иза реза йоццушехь, кхин цхьа зуда а ялор алсамдалар? Цхьана агIора, республикан кьуйгалхочо сих-сиха олуш, къобалдеш а ду масех зуда ялор. Иза хазахетарца тIеоьцу божарша. Доккха жоьпалла долу и гIулч йоккху уггар хьалха я таро а, я амал а доцчара. Вукху агIора, божарий ца хиларна, зударий маре оьху, бухахь зуда а, бераш а доллушехь.

МогIарерчу вайнаха мукIарло а деш, карарчу хенахь Нохчийчохь кIезиг масалш дац,
Iедалехь болчара магош ду бохуш, нийсонца доьзна хIума а доцуш, балорхьама зударий балор бахьнехь хийла доьзалш боьхна а, вер-ваккхар бист кхаччалц, нахана зуламаш девлла а.

Иза къеггина гучудолу шолгIа зуда ялор ахкаме а диллина, бахархой къамеле бохуш, зераш дан воьлча. Цара чIагIдарца, къоьлла «къикъ» бохуш, чуваха хIусам йоцуш лелачо а ялайо зуда. Цу декъехь, шайн мел таро яцахь а, тIаьххьарчу могIаршкахь бац, бухарчу доьзална дан амал доцуш гIийла бохкуш берш а. Iедало кхачо йоллуш луш алапа дацахь а, шолгIа зударий балорна тIера бу Нохчийчохь молланаш а, Iедалан гIуллакхехь берш а. Къаьсттина цу гIуллакхехь каде хьийзачех ларало полицин урхаллин белхахой.

Тергамхоша билгалдоккху шолгIа а, кхоалгIа а зударий кхийлар бахьанехь махкахь кIезиг зуламаш ца дийлар а, нехан кхолламаш кеглуш, хийла доьзалш бухуш хилар а. Цара дийцарехь дукхах долу зуламаш, хилларг хьала а охьа а, хилла даьлла олий, гIара а ца доккхуш, нохчаша шайлахь дIадерзош ду.

ШолгIа зуда ялор бахьнехь Теркйистехь нисделла вер-ваккхарш санна, Iорадийларш атта нислуш хIума дац цхьаболчара кхеторехь. Хууш ма хиллара, цигахь кIанта топ тоьхна, да вийна шен нанна тIе зуда ца ялаяйта, деа бер нана а елла, ша-шена а тоьхна.

Цхьаболчара дийцарехь иза майрачо, ша кхин зуда яло воллу аьлла, дIаяхийтина хилла берех а яьккхина. И ший Iожалла нийсонца а, иманца а доьзна хIума доцуш нисбелла бохамаш лоручех ву 60-ра ваьлла Закиев Хошам.

Закиев: «Лаха-Неврехь цу зудчо диъ бер а дуьтуш, ша-шена тохар… И зуда чIогIа коьртана галъяьлла хила и хIума дан. Цхьа ондда сингаттам ца хилча, боьрша стага дича а, зудчо дийр дара аьлла-м ца хета суна и саннарг.»

Маршо радио: Дукхах болчу бахархоша кхеторехь, урхаллехь болчара, шайна тIера дуьйна охьа шолгIа а, кхоалгIа а зударий бало маршо ялар, челакха, буххера дуьйна лортIехь доцуш хIума ду.

«Нехан дуьхьа дина хIумма дац. Шайна маьршо яккхархьама дина хIума ду. Цаьргахь таронаш ю иттаннашкахь зударех ловза, ткъа кхечаьргахь и яц». Мацах, «ах захало кхочуш хили, вай реза ду йоIана» аьлла араиккхинарг санна башхалла ю. Цхьана яздархочо ма-аллара, «Iовдал вала кийчаниг Iовдал ваккха а, дакъаза вала хьаьхнарг дакъазваккха а, нахана боьллина гур бу, кхин хIумма а дац.»

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG