ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда ядийначунна дан догIу таIзар дуьйцуш ду ГIиргIизойчохь


Маре йига зуда ядийначунна 3 шарана тIера 7 шарана тIе кхаччалц хан яхъярца доьзначу низаман проект юьйцуш ю ГIиргIизойчохь.

ГIиргIизойн бакъонашларъярхоша дийцарехь, хIора шарахь 12 эзар гергга зудабер лачкъадо цу махкахь, нуьцкъала маре дайта.

Низамашкховдорхоша хIинцале тIеэцна и проект хьалхарчу а, шолгIа а дешарехь. Оцу низаме болх байта, кхоалгIачу дешарехь а къобалдан а, шина парламентан комитетехь тIечIагIдан а дезаш ду иза. Цул тIаьхьа президенто куьг таIон деза.
Дийцарш дIахьучу хенахь цхьаболчу депутаташа проектана дуьхьала кхаьжнаш тесира, нускал лачкъор гIиргIизойн къоман гIиллакхашца догIуш ду, аьлла.
XS
SM
MD
LG