ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькамана жима нускал...


Нохчийчоь -- Амина маре йоьдуш ю, 23Гезг1996
Нохчийчоь -- Амина маре йоьдуш ю, 23Гезг1996

Даккхий даржаш а, цаьрца цхьана тIе шортта бахамаш а баьхкинчу Нохчийчура Iедалерчу наха шайна хазаделла зудабераш маре дуьгу, церан хене а ца хьовсуш. Кхианий, кхиазий йоIарий буьгу, шолгIа а, кхолагIа зудчуьн метта. Оцу гIуллакхан тIаьхье а ю дастаме.

Раиса цIе йолчу зудчунна шегахь болу бала гIарабаккха ца лаьа. Радио чохь къамел дан хIетте а лууш яц иза. Амма, микрофон а йоцуш дийцира цо, шена, аьлча а, шен 15 шо долчу йоIана тIехIоьттинчух.

Шен гергарчу нахе гIала йоьдучу хенахь, иза ядийна, цхьана Iаьржачу машенашца хиллачу наха. Кхара полицига и гIуллакх даьккхича, цара дукха сиха юха а ялийна дIаелла, "йоI кечъе, иза тхан нускал ду, кхана дIайюьгур ю" аьлла. Кхин дан хIума а ца хилла, дIаяла дезна иза цаьрга, хIинца а берийн бос тIера баланза болу йоI.

Керла бевлачу захалша, дукха хьал долуш а, Iедалан балхахь а болуш, токхо йолчу доьзале кхаьчна йоI, амма, иза я шозлогIа, ян кхозлогIа зуда хилла, оцу стаге яхнарг. Цул совнах, оцу гергарлонах боьхначу стунцхошка, оцу захалша аьлла, "шаьш кеста нуц а воуьйтур ву.

"Деллахь, хIорш-м цхьа жимма гIиллаккхан кеп а лелош ма бу", аьлла, кхеран дог даша дуоладелча, вукхара, тIетоьхна, "невцалха вогIун верг, нуц хир вац, цуьнан меттана кхин стаг вогIур ву" аьлла.

Дуьйцуш а, олуш цкъа хезна доцчу гIиллакхах цец-акъ а боьвла бисна, маре яханчу йоьIан гергара нах. "Ца оьшу шун нуц а, я шуьца долу гергарло а", аьлла ша йолу зIе дIахадийна цара, йоI шайх гуттаренна а дIа ма къаста е аьлла, тIе а дуожийна. Токхо йолчу доьзале кхаьчнехь а, Раисина шен йоI декъала хилла аьлла ца хета.

Кегий зудабераш маре дигар, уьш шаьш маре бахар а, и бала Нохчийохь даиманна лаьтташ бара. Нохчийн Iадаташца а, шарIаца а догIуш ду бохуш, молланаша цхьа а хаттарш доцуш, юккъе хIуттура мах-там бан. Холхаза куй баша а бина, стага, ластийна иза тIетоьхча, йоI охьа ца йожахь, иза маре яххал йоккха хилла бохуш, дукхачу хьолехь забарийн барам хилла, цхьана хенахь нохчийн.

Цхьаберш, хIинца а и хIума юьхьарлоций, маре дуьгу урамехь хазахетта долу зудабер. Хьалхалерачу а, хIинцалерачу а нехан могашална йоккха башхалла хилар тидаме а ца оьцуш.

ТIаьххьарчу хенахь иштта кегий зудаберш маре дигар дукха даьржина хIума ду бохуш, орца доху лоьраша а. Республикан бераш даран коьртачу лоьро Эльдарова Мадинас, оцу хьокъехь Маршо радиога элира.

Эльдарова Мадина: «ЧIогIа кегий наной бу тхо долчохь.14 а 15 шераш ду церан. Наной бу-кх уьш. 14 шо кхаьчнарг иза бера лоруш ду. I3 шо долуш маре боьлху, I4 шо долуш бераш до. 17 шо кхаччалца бераш лара мегар ду уьш. Уьш хIинца тIаьхьарчу заманахь дукха хуьлу».

Кегий зудабераш маре оьхуш хиларна тидам тIебахийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Шаьш а бераш долу уьш, хIун несарий а, наной а хир бу, бохуш дийцира цо цхьана кхеташонехь. Оцу делан сохьта, хаамийн гIирсашкахь, цхьа моггIа программаш кечъян йолийра, и моде даьлла гIуллакх емал деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG