ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох къера ю Шеман президенте пачхьалкхана урхалла далуш ца хиларна


Оьрсийчоьнан лаккхара Iедалша эххар а мукIарло дина, Шеман президенте Асад Башаре пачхьалкхана урхалла далуш ца хиларна а, гIаттамхоша иза Iедалера вохон мегаш хиларна а.

Оьрсйн арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Богданов Михаила элира, Москох кечам беш ю, эзарнаш шен махкахой Шемара кIелхьарбаха. Цо бахарехь, гIаттамхойн толаман мах, иттанаш эзарнаш нехан дахарш хила мега.

Шеман еххачу хенахь накъост ша хилла хиларе терра, Оьрсийчоьно кхайкхам бина Шеман Iедале а, гIаттамхошка а, 20 баттахь сов дахделла лаьтта дов дагадовларшкахь дерзаде, аьлла.
XS
SM
MD
LG