ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара Атоман Энергин Агенталлин тоба кечлуш ю ГIажарийчу яха


Дуьненаюкъара Атоман Энергин Агенталлин тоба кечлуш ю ГIажарийчоьнца цуьнан заррат программица доьзна дагадовларш дIадахьа. И тоба дагахь ю, ТехIранна тIеIаткъам бина, цуьнан заррат программех лаьцначу алссам хIуманна тIаьхьакхиа.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организцех йоьзначу оцу агенталлин заррат программехула йолчу талламан урхаллин куьгалхочо Накаретц ХIермана аьлла, ТехIрано бакъо яларцаний, шен тоба кийча Перчин тIеман комплексе яха.

Агенталла шек ю, ТехIрано Перчинехь заррат оьккху гIирсаш зийна хиларна.
ГIажарийн президенто Ахьмадинежад Мохьмада 2007-чу шарахь аьллера, «маьршачу атоман технологи массо агIора кхиорца, ГIажарийчоьнах заррат пачхьалкх хилла».
XS
SM
MD
LG