ТIекхочийла долу линкаш

«Новая Газетин» журналист Политковская Анна ерна бехке а вина, Москох гIалин кхелахоша 11 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха, милцо хиллачу Павлюченков Дмитрийна


«Новая Газетин» журналист Политковская Анна ерна бехке а вина, Москох гIалин кхелахоша 11 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха, милцо хиллачу Павлюченков Дмитрийна.

Кхелахочуьн Замашнюк Александран сацамца а догIуш, луьра хьелаш долчу колонехь йоккхур ю Павлюченковс шен кхайкхийна хан. Цунна лорур ю 2011-чу шеран Марсхьокху беттан 23-чу дийнахь дуьйна цо лаьцначехь яьккхина хан а. Колонехь цо кхин а даккха дезаш дерг 9 шой, 8 буттий бу. 6 шо дIадаьлча цуьнан йиш ю, хенал а хьалха ша аравалийта аьлла, дехар дан.

Йийначу журналистан Политковскаян бераш дагахь дац, Павлюченковга 3 миллион гергга сом гIуда такхийта, кхело бинчу сацамна дуьхьала латкъам бан.
Хьалхо цара дехнраг 10 миллион сом дара.

Политковская евзаш яра Нохчийчохь Оьрсийчоьно дIахьучу тIамах лаьцна бакъдерг а, Путинан а, цуьнан Iедалан коррупцих а лаьцна яздарца а, дийцарца а. Путин винчу ГIадужу беттан 7-чу дийнахь журналист йийра герз тоьхна, шен чу йоьдучу хенахь.
XS
SM
MD
LG