ТIекхочийла долу линкаш

Москохо харцдина шен лаккхарчу дипломато Шемара режиме пачхьалкхана дола ца дало боху дешнаш


Гергарчу Малхбалехь Оьрсийчоьнан президентан леррина векал волчу Богданов Михаила Шемах лаьцна цхьа а тайпа дIахьедар дина дац. И аьлла хаам бина тахана, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министраллин векало Лукашевич Александро.

Еарин дийнахь дуьйцуш дара, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, шеман оппозицин лидерша а къобалдина, Шеман президентан Асад Башаран режиман кхане шеконе йиллинчу оьрсийн Iедалийн дIахьедар, бохуш. И дIахьедарш гучудевлира, Богдановс, Шеман Iедалан карара дIадолуш ду мехкан урхалла аьлла бохуш, хаамаш баьржинчул тIаьхьа.

Ша Богдановс бахарехь, Оьрсийчоьнан Юкъараллин ХIусамехь йийцаре йинера Гергарчу Малхбалера ситуаци. Цу декъахь дара Шемара хьал дийцар а. Цигахь хьахийнера аьлла,

Шемарчу оппозицино а, церан агIончаша а, шаьш Шеман режимана тIехь толам боккхур бу бохуш дIахьедарш.
XS
SM
MD
LG