ТIекхочийла долу линкаш

Блоггерна Навальныйна, цуьнан вешина а дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх долийна


Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан векало Маркин Владимира хаам бина, оппозиционерана Навльный Алексейна а, цуьнан вешина Олегна а дуьхьала бехк-такхаман гIуллакх долийна, цара бозбуунчаллаш лелорна а, боьха ахча цIандарн а, аьлла.

Маркина бахарехь, шина вашас 55 миллион сом ахча лачкъийна, кира лелочу машенийн бизнесехь.

Ша Навальныйс Твиттерехь хаам битина, шена цу гIуллакхах лаьцна хууш хIумма а дац. Шен вешин а, ден-нена а петаршкахь беш талламаш бу, аьлла.
Коррупцина дуьхьала блог а йолийна, даханчу шарахь Путин Владимирна дуьхьала масех протестан гулам дIабаьхьна волчу Навальныйн хьокъехь долийна кхин а ду гIуллакх. Иза политикан бух болуш ду аьлла, тIе а ца дитина блоггеро.

Москохахь Путинна дуьхьала митинг дIаяьхьа цхьа де дисинчу хенахь хааме даьккхина Маркина, Навальныйна дуьхьала бехк-такхаман гIуллакх долийна хилар.
XS
SM
MD
LG