ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Конституцин керлачу проект хьокъехь референдум ю Мисар пачхьалкхехь дIахьош


Мисаран президенто Мурси Мохьамеда а, цунна гIотор ечу «Бусулба Вежарий» цIе йолу боламо а дечу дIахьедаршца, пачхьалкхехь демократин хийцамаш беш гIо дийр ду оцу документо.

Мурсина дуьхьал болчу либералан а, керстанийн а оппозицин жигархоша емалъйина, исламисташа язъйина йолу коьртачу низаман керла проект. Царна хетарехь, маьршонийн бух а, зударийн а, кхечу динерчу нехан а бакъонаш ларъйийр яц цо.

ПIераскан дийнахь Александрийхь тасадаларш хиллера Мурсин агIончашна а, дуьхьалончашна а юкъахь. Масех стагана чевнаш йира. КъахIирехь а, Мисаран коьртачу гIалахь а акцешка арабевллера Мурсина гIортор еш берш а, цо юкъадоху керла хIуманаш тIе ца дуьтуш берш а.
XS
SM
MD
LG