ТIекхочийла долу линкаш

Оппозицин акци ца яйтина оьрсийн Iедалша Москох


Iедалшца бина барт а боцуш, Москохарчу Лубянка майданахь дIаяьхьначу оппозицин митинге гулбелла нах юханехьа метро чу хьовсийна оьрсийн полицино.

Майданахь ОМОНо дIалаьцна иттаннаш акце баьхкина нах. Полицин хьесапехь, акцехь дакъа лаьцна 700 гергга наха. Акцин декъашхоша, хаамийн гIирсаш а бахарехь – масех эзар стаг вара гулвелларг.

Лубянкехь гучубевлла а бовлале полицино лецира оппозицин лидерш Удальцов Сергей, Навальный Алексей, Яшин Илья, Собчак Ксения. Де суьйренга лестича уьш дIахийцира.

Политикан тутмакхаш маьршабахар а, политикан реформа яр а доьхуш, Москох «Маьршонан болам» дIабахьа гIерташ яра оппозицин координацин кхеташо. Амма Iедалша и акци дIа ца яхьийтира.
XS
SM
MD
LG