ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн хелхар эрчадаьккхина...


Нохчийчоь -- Жима зудий, стаггий ду кхаьжнаш тасаран куьпана хьалха хелхадолуш, Соьлж-гIала , 04Заз2012

Нохчийчоь -- Жима зудий, стаггий ду кхаьжнаш тасаран куьпана хьалха хелхадолуш, Соьлж-гIала , 04Заз2012

Дуккха а нохчаша шаьш тидам беш, къоман хелхар нийса ца до тахана дукхах болчара. Ала мегар ду, иза дастамечу даьлла. Меттан а, историн а говзанчийн хьесапехь, нохчийн хелхаран леррина маьIна ду – хелхаран гонехь долчуьнан йоьIан а, кIентан а оьздангалла а, лела хаар а гайтар, йоI, кIентан нийсархошна гайтар, тIаьххьара, хелхаволучу кIентан хьуьнарш гайтар а. Оццу хенахь, оьзда хелхар дан хууш нах бисна, кIезиг белахь а


Ши шо ду кавказхойн къаьмнийн хелхарш, Оьрсийчохь муьлххачу меттигехь дан йиша яц аьлла, Iедалша низам тIеэцна. Магийна дац, масала, оьрсий дукха бехачу гIалийн урамашкахь и хелхар дан. Иза динчарна, цара юккъаралийн къепе йохийна аьлла ахчанан гIуда туху я массийта де-буьйса даккха чу вуллу.

Интернетехь, шорта видеокийсакаш ю нохчий а, гIалгIай а, дагестанхой а оьрсийн гIаланашкахь хелха буьйлуш. Ала догIу, гIарабевллачу хелхаран говзанчаша гайтина а, гойтуш долу хелхарех тера ца хуьлу уьш дукха хьолахь. Оцу башхаллашна дукха наха терго йина. Абдулаев Мохьмад цIе йолчу нохчийн меттан говзанчо Маршо радиога дийцира, шен оцу хьокъехь хетачух лаьцна.

Абдуллаев Мохьмад: «Нохчийн хелхарехь, хьалхадолучу хенахь, йоIан оьздангалла а, цуьнана экамалла а. Ишшта хьесап хилла-кх цуьнан. Таханлераниг массарна а гуш ду. Кхечу къаьмнашкара схьаэцна, цхьа винегрет ю иза. Ишштачу меттехь сеца а дог ца догIу. Шегахь долчуьнгахь, оьзда хъелхар хIинца а ду, мел чIогIа цуьнца бала боцучуьнна а, цуьнга хьаж дог а доуьйтуш.

Тхо долчу кIошташкахь, даиманна хилла, цхьа стаг хелхаволучу хенахь, цу юккъе кхиверг гIоьртича, вовшахлеташ хIума хилла. ХIинца цхьа дискотекехь санна,массийта юккъе а волуш хIумш дуолийна. Иза суна чIогIа хаз ца хета».

Маршо радио: Тахана Нохчийчохь, шо шаре мел долу даьржаш схьадогIуш хIума ду, зуда ялийначохь яьккхина видеош базаршкахь йохкар. Уггаре а чIогIа, нах хьоьжург ю, оцу видеосуьрташ тIехь, зуда ялийначохь хIоттош долу ловзар. Наггахь хьожуш моттало, хIокху дуьнена массу а къома хелхарш ду цигахь деш дерш, нохчийн къома, шен маьIан а долуш долу халхар ду бохуш. Нохчийн халхаран маьIанах а, цуьнан кепех а лаьцна Маршо радиога дийцира, нохчийн яздархочо, поэта Уциев Абус.

Уциев Абу: «Хелхарехь кхо гуо хилла боккхуш. Хьалхар гуо, гIиллакхан гуо хилла, оцу хелха долучу кIанта а йоIа а, шайна лела хаар, гIиллакх гойтуш.ШозлогIа гуо, оцу кIанта шен накъосташна а, гулбеллачу нахана а, и йоI гайтар маьIан долуш гуо хилла. Ткъа, кхозлогIа гуо, шена оцу хелхаран урхалла дан хаар а, ша тIахаьлла хилар а, гойтуш хилла. И гуо чекхаболуш, тIаккха кIанта, шен накъосташна хаьлхахь бохь бугIуш хилла. Нагахь санна, иза чIогIа лоруш стаг валахь, цо тхамдина а, кхечу къонахашна ахьалхахь а бохь бухуш хилла».

Маршо радио: Нохчийн халхар дечу хенахь догIуш ца хилла, гуонехь цхьа кIант-йоIий бен долуш. Ишшта ца хилла боху цо, ахча тосуш а. Амма, ширчу заманахь, нохчашна тойне, оьхуш хилчу кхечу мехкашкара хьешашкара юккъе даьлла ду и гIиллакхаш, аьлла тидам бира яздархочо Уциев Абус.

Уциев Абу: «Хелхар юккъахь, цхьа йоI, кIант бен халха долуш ца хилла. Тахана вайна гуш долу, шиш а, кхоккха уьш хелхабийлар мичара даьлла ду? Нохчийн цхьана къонахчуьнна тцхьа дика а хилла, цо той хIоттича, луларчу мехкашкара къонахий гуллуш хилла иза волчохь.

Уьш шай лешца цхьана богIуш хилла. И ловзар кхаа дийнахь, кхаа буьйсан лаьтташ хилла. Синкъерам лахбала боьлча, тIевеанчарах цхьаммо «Сан лай ма хаза халха волу», олуш хилла. Ткъа, кхечо: «Сайчулла дика-м ца волу» олуш хилла. ТIаккха церан къовсам баьлча, цара лайшна юккъахь хьунар кхайкхош хилла.

ТIаккха, маьрша нах хелха бовлар саца а дой, лайша юккъебогIуш хилла хелхабовла. ТIаккха, царах уггаре адика боьвлачарна цу юккъе ахча тосуш хилла. Ишштий бен ца хилла ахча тосуш. Иза кхечу къаьмнера схьаэцна хIума ду ловзаргахь ахча тасар. И хIумш соьга, хIара ши тIом балле, нохчийн ширачу яьрташкахь хилчу баккхийчу наха дийцина ду».

Маршо радио: Нохчийн цхьана хелхарна хилла Iаш бац хийцамаш. Уьш боьзна бу боху, къома дахарна хиллачу Iаткъамца. Ткъа иза, кхечу тIегIан тIера тема ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG