ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъ бар лахлуш дац Пакистанехь


Пакистанехь, Джамруд-гIалахь, машен эккхийтина зуламхоша. ТIаьххьара болчу хаамашца и бахьана долуш вийна мел лаххара а 17 стаг. 40 сов стаг чевнаш хилла ву.

Оццу хенахь Кветта-гIалахь муьлуш бу ца хуучу наха вийна Белуджистан-провинцин администрацин векал шиIат Нури Хадим Хьусайн. Цул сов, цара вийна полицин ши белхахо а. Кхин цхьаъ чевнаш хилла ву.

И тIелатар шаьш дина аьлла, гучуваьлла стаг вац. ТIаьхьарчу хенахь шиIаташа а, сунниташа а вовшашна тIехь ницкъ бар алсам даьлла цу провинцехь.
XS
SM
MD
LG